ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийн депутаташ а, сенаторш а хене бовлуш бу деккъа алапах


Нохчийчоьнан цIарах Оьрсийчоьнан Федерацин Кхеташонехь а, Пачхьалкхан Думехь а болчу векалша хаамаш зорбане баьхна, 2017-чу шарахь шаьш даьккхина рицкъ довзуьйтуш, хаам бо "Регнум" агенталло.

Иштта, нохчийн 4 депутато а (Делимханов Адам, Догаев Ахмет, Саралиев Шамсаил, Селимханов Мохьмад), 2 сенаторо а (Сабсаби Зияд, Геремеев Сулейман) стохка цхьатерра ахча даьккхина, юккъерчу барамехь – 4 миллион 700 эзар гергга сом.

Оцу 6 стагах хахка машен йолуш цхьа а вац. Делахь а, Саралиевн хIусамненан Мерседес-Бенц GLE 350 машен ю, ткъа Селимхановс зудчуьнан ю - Mercedes Benz GL400 4M.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG