ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Amazon-ан 2 миллион IP-адрес дIакъевлина Роскомнадзоро


Amazon-ан лого тIехь йолу почтан дрон.
Amazon-ан лого тIехь йолу почтан дрон.

Оьрсийчуьрчу Роскомнадзоро блок хIоттийна Iамеркан Amazon-ан 2 миллион IP-адресна дуьхьал. Иза хилла шена хIоттийначу блоках хьалхаяла Telegram мессенджеро Amazon-ан сервисех пайда эцар бахьана долуш.

Цунах лаьцна хаам бина коррупцица къийсам латторан Фондан жигархочо Здольников Владислава. Цо дийцарехь, Amazon-ан IP-адресаш дIакъовлар формалан кепара доьзна дац Telegram дIачIагIа суьдо бинчу сацамца. Иза динарг ю аьлла юьйцург ю Оьрсийчоьнан Инарлин прокуратура.

Оршотан-дийнахь дуьйна Оьрсийчохь болх бечура сецна Telegram. Шайн компьютершна тIехь и мессенджер схьаялла аьтто боцуш бисна цунах пайда оьцуш хилла нах. Болх беш яц Telegram мобилан телефонашна тIехь а.

Цуьнца цхьана Роскомнадзоро дIахьедина, Telegram -на блок хIоттийна шаьш аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG