ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ХIирийчохь мехах герз схьалахьош ю Росгварди


Архивера сурт.
Архивера сурт.

Бакъоа йоцуш латтон герз шайн лаамехь Iедалшка дIадаларан 10 денна лерина акци ю дIахьош Оханан-беттан 15-чохь дуьйна Къилбаседа ХIирийчохь. Цунах лаьцна хаам бина Росгвардин республикерчу урхаллан векалша, яздо Кавказ.Реалиино.

Оьрсийчуьрчу низамашца а догIуш, шен лаамехь герз охьадиллинарг бехказа вуьтуш ву бехктакхаман таIзарх.

Цул сов, республикерчу Iедало бинчуу сацамца, герз дIаделлачу нахана луш ду ахча. Мехаш иштта ду. Дендаргаш кхуьссучу тоьпан мах бу 15 000 сом, масатоьпах ло 10 000 сом, цхьана гаранатан мах бу 1250 сом, иштта дIа кхин а.

Мел герз схьагулдина республикехь цкъачунна дуьйцуш дац.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG