ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Iадвитийша тхан паччахь"


Абдурахманов Тумсо
Абдурахманов Тумсо

Социалан машанашкахь Абдурахманов Тумсона кхерамаш тийсина, цул тIаьхьа меттахбевлла нохчийн полисхой

2015-гIа шо чекхдолучу муьрехь Кадыровн Iедалх махкара веддачу оппозицин блогеран Абдурахманов Тумсон гергарнаш меттигерчу полицин декъа балийнера. Мила ву ца хуучу, Инстаграмехь @Ya-patriot_ник йолчо хьалхо тийсина кхерамаш, хIинца реалехь кхочушбан буьйлабелира.

Абдурахмановна хетарехь, Нохчийчоьнан цIарах пачхьалкхан Думерчу депутатан Делимханов Адаман ю и аккаунт.

"Кавказ.Реалии" портало хаамбинера, YouTube-хь блогера Iораяьккхина видеоролик бахьана долуш тийсина хиларх цунна кхерамаш. Оцу ролик тIехь Абдурахмановс хьахадо Кадыров Рамзанан йоIа Iайшата куьйгалла ден модан Firdaws цIа.

@Ya_patriot_ цIе лелочо видео дIаяккха аьллера цуьнга хIетахь. Нагахь ца яккхахь, "хьан а, хьан гергарчийн а проблемаш хир ю" аьлла, дов а хьадеш.

Цул совнах, оппозиционеро хаамбинера, интернетехула Инстаграман администрацига шен агIо дIакъовлар доьхуш, кхайкхамаш бина хиларх.

Ткъа тIаьхьо, дахначу шинарийдийнахь Фейсбукерчу шен пена тIехь хаамбира Абдурахмановс, кхерамаш тийсинчул тIаьхьа шен гергарчу нахах хиллачух.

ДIавигинчу веаннах уггар воккхачун 83 шо хилла, блогера бахарехь. Соьлжа-ГIаларчу цхьана полисхойн декъе балийнера уьш, ницкъахойн куьйгалхочуьнца Дашаев Мохьмадца къамел дан. Блогерна цергаш хьекхочех хилла иза а, социалан машанашкахь Абдурахмановс цо лелочух кест-кеста яздеш хиларна.

"Соьлжа-ГIалин полисхойн декъан хьаькам Дашаев Мохьмад коьртехь волчу Кадыровн Iедало дIалахьийнера сан нах. Ши деваша а, ши ненаваша а полице а валийна, камераца дIа а язвеш, со аьшнаш вайтина цаьрга. Цкъачунна ладам боллуш ца хаьа суна, церан хиллачу къамелах", - дуьйцу блогеро шен Фейсбукехь зорбане яьккхинчу видео тIехь.

Иза тешна ву, махкарчу нохчийн телевизионехь тIейогIучу хенахь репортаж гойтур хирг хиларх, шен гергарчу нахе гечдар доьхуьйтуш.

"Кавказ.Реалии" портале дийцина Абдурахмановс, шен чуьра нах цу дийннехь дIахецна хилар. Цо бахарехь, дIабигинчаьрца шайца къамел хилла дац Тумсон, амма боху цо, царна кхерамш тийсарх хуучара шега дийцина хиларх.

"Ас социалан машанехь бечу балхаца доьзна ду хIара дерриг а. Дашаев ма варра гучувоккхуш "Иллюзи яц" аьлла, видеоролик яржийнера ас. ТIаккха кхерамш тийсира суна, и видео бахьанехь. Фирдаус цIийнан ас цIе яьккхинера бохуш. Цу тIехула доладелира суна а, сан нахана а кхерамаш тийсар. И дерриге а цхьана доьзна ду аьлла хета суна", - аьлла блогеро.

Цо ишта хаийтина, полисхоша камерана хьалха тIедиллина хилла хиларх шен гергарчу нахана шега "Iедална критика яр а сацаде, паччахь а Iадвита, цIа а вола, шаьш гечдийр ду" алийтар.

Карладоккху, Нохчийчоьнан Iедалхоша шайна критика йиначаьрга шаьш къинтIера дахийтар даьржина хилар регионехь.

Нохчийчоьнан бахархоша Iедалан коьртехь болчарна йинчу муьлххачу а критикана дуьхьал гечдар доьхуьйтуш хилар мехкан куьйгалхочун гергахь.

Исстаг ша кхеле хIоттийна а ца Iаш, тIеийзабо цуьнан гергарнаш а. Пачхьалкхан "Грозный" телехьожийлан эфирашкахь дуккха а гайтина "коьртана галбевллачарех" сюжеташ – хьекъална эшна хиларан баьанашца дара олу цара Iедалхошна шайн лер.

Материалан автор Бзаров Аслан

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG