ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровн фондо мухIажирашна 20 гIу яьккхина Бангладешехь


Мьянмера мухIажираш дIатарбина меттиг. Бангладеш. 2018 шо.
Мьянмера мухIажираш дIатарбина меттиг. Бангладеш. 2018 шо.

Мьянмера бевдда рохIинджа къомах болу мухIажираш дIатарбинчу меттигашкахь молучу хинах кхачо ян 20 гIу яьккхина Кадыровн фондо деллачу ахчанах. Цунах лаьцна хаам бо "Это Кавказ" зорбанан хьастано.

Нохчийчоьнан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна хетарехь, хIинца хи тоьар ду цигарчу массо а нахана. Цо иштта хаам бина, Стигалкъекъа-баттахь Фондан делегаци а, Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнан Гергарчу Малхбалехь а, Къилба Африкехь а волу векал Сабсаби Зияд а Бангладешерчу четаран гIала ваха дагахь хиларх лаьцна. Цара цигахь толлур мухIажирийн хьал.

2017-чу шеран Марсхьокху-баттахь дуьйна, Iедалша тIеIаткъам бар бахьана долуш, Мьянмера Бангладеше ведда 630 эзар рохIинджа къомах волу мухIажир.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG