ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Футболан чемпионат йоьдуш 30 лор хир ву болх беш "Ахмат-Аренехь"


"Ахмат-Арена"
"Ахмат-Арена"

"Ахмат-Арена" стадионехь Мисаран футболан тоба чемпионатана кечлуш болх беш хир ву 30 лор, яздо Кавказ.Реалиино. Царех 9 ву ингалсан а, Iаьрбийн а меттанаш хууш.

Нохчийн лоьраш хIора денна тренингаш а еш кечлуш бу Дуьненаюкъарчу Футболан ассоциацин (FIFA) аттестацех чекхбовла. Цул тIаьхьа церан болх бан бакъо хир ю кху аьхка Оьрсийчохь Дуьненан футболан чемпионат дIайоьдуш.

Мисаран футболан тоба туп тоьхна хир ю Соьлж-ГIалахь. Цу тайпачу турнирехь дуьххьара дакъалоцуш ю иза кху тIаьхьарчу 28 шарахь.

Оьрсийчоьнан къилбехь футболан чемпионатан ловзарш хир ду Ростох а, Сочехь а, Волгогадехь а. Ессентукехь дIатарйина хир ю 2018-чу шеран Дуьненан чемпионатехь дакъалоцуш йолу Нигерин футболан тоба.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG