ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Полицино 29 дуьхьалонан акцин декъашхо лаьцна Ереванехь


Ереван, Оханан-бутт, 17.2018
Ереван, Оханан-бутт, 17.2018

Ереванехь полицино лаьцна Эрмалойчоьнан президент хилла Саргсян Серж премьер-министран дарже хIотто дагахь болчу парламентан декъашхошана дуьхьал акцеш дIахьош волу 29 жигархо.

Парламентана хьалха хиллачу тасадаларшкахь лазийна бу иттаннаш демонстранташ. Iедалша шаьш ницкъах пайда оьцур бу аьлла варе биннашехь, бIеннаш демонстранташа дIакъевлина Ереванан юккъера урамаш.

Дуьхьалонан акцин лидеро Пашинян Николас, деша а ца доьшуш, этIийна полицин хьаькаман когаметто, демонстранташа низам дохийна аьлла, шега кховдийна кехат.

Ши кIира хьалха президентан дарж дитина Саргсян премьер-министран дарж дIалаца дагахь ву. Цунна дуьхьал ю оппозици.

Саргсян дуьххьара президент хаьржинера 2008-чу шарахь. Цу даржехь цо яьккхина ши хан.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG