ХIара шо чекхдалале Facebook-на таллам бан дагахь ю Роскомнадзор урхалла. Нагахь Оьрсийчоьнан Iедалша социалан машанаш болх бар хьокъехь юкъабаьхна билламаш кхочуш беш ца хилахь, цунна блок хIотто мегаш ю.
Цунах лаьцна "Известия" газетана ша еллачу интервьюхь дIахьедар дина цу урхаллан куьйгалхочо Жаров Александара. Цо дагардина 2018-гIа шо чекхдалале Facebook-о кхочуш дан дезарг.
Царна юкъахь ду Оьрсийчуьрчу бахархойх лаьцна информаци меттигерчу сервершна тIехь латтор а, Iедалша йихкина йолу информаци дIаяккхар а, ткъа иштта "кхин долу низамаш лардар" а.
"Байден" вац Биден {Biden} ву!
quordavina i shu zhughurg, qhin diica humma ca kara do shun?
Дал этто бойла вайн массарнаъ
Тумсо борз араяьлла хьуьнчохь, ларлолаш чаг1алкхаш!