ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Путинан хьал долу гIашсалтий


Магомед Даудов, Рамзан Кадыров, Адам Делимханов (слева направо)
Магомед Даудов, Рамзан Кадыров, Адам Делимханов (слева направо)

Нохчийчоьнан цIарах Пачхьалкхан Думехь лаьтта депутаташ халла хене бовлу, 390 эзар сом баттахь а оьцуш

Оьрсийчуьрчу бахархойн дахарехь аьттонаш, таронаш лахлуш бу де дийне. Ткъа, стохка Нохчийчуьрчу депутаташа Iораяьхначу декларацешка бIаьрг тоьхча гучш ду, халкъо хаьржинарш махьарла бахана дахка санна бехаш хилар. 2017-чу шарахь 390 эзар сом беттан алапа оьцуш хилла цара.

Кризис ю бохуш, маьхьарш ихинехь а, царех цхьаболчийн таро хилла Mercedes-Benz GL 350 машенаш хехка.

Президентна Путин Владимирна тIаьххье, шайна баттахь тIедогIучу рицкъах хаамаш зорбане бехира министрийн кабинетан декъашхоша а, парламентхоша а.

Москох беха нохчийн халла лол бетташ хене буьйлу, деккъа цхьана белхан алапна тIехь.

Оцу хьелашкахь тамаша а бац уггар а Кадыровн гуонехь лору, мехкан куьйгалхочуьнца гергарлонашкахь волу Делимханов Адам хIинца а зуда йоцуш хилар.

Москохарчу Охотный ряд олучу майданахь шен белхан накъостаца летта хиларца вевзачу, хьалхо шен зудчуьнца къаьстинчу депутатна товр ма дац кIайчу Porsche тIехь йоI йолчу ирахь Iен воьдуш. Деклораци тIехь болчу хаамийн хьесап дича, гучудолу цуьнан машен цахилар.

"Дождь" телеканало бахарехь, Москохахь элитан уггар а тоьллачухь хIусам йолчу шен ненера духалург ахчанаш дохучухь ду цуьнан гIуллакх.

Дахначу шарахь дерриг Делимхановс даьккхина ахча 4, 6 миллион сом ду. Лурчаха тIедеанчу рицкъе хьаьжча, 9 эзар соьмана пайда совбаьлла цуьнан кху шара. Вуьшта, ладоьгIча, кхи хийцаделлла хIуммаъ дац цуьнца.

- 1446 еакIов метар латта а, 250 еакIов метар декъан тIехь цIа а ду цуьнан. Белхан цIарах еллачу петар чохь а веха иза юкъ-кара.

2016-чу шарахь Саралиев Шамсаилан хIусамнанас шен хIусамдена тIех а эккхаш пайда бира 7,6 млн соьманна), ткъа стохка тIедеана рицкъ - 2, 9 миллион дара.

Ша Саралиев Шамсаила даьккхина 4, 7 миллион сом. Автомобил яц цуьнан цIартIехь.

Делахь а таро ю цуьнан зудчун "говр йоцу" майра шен доларчу Mercedes-Benz GL 350 (юккъерчу барамехь - 4, 8 миллион сом мах бу цуьнан) автомобил тIехь дIасалело. ХIинццалц Lexus NX 200 машен яра цо хоьхкуш.

Нохчийчоьнан депутаташна дукхаеза Mercedes машен.

Нагахь, къен единоросс Думан петарчуьра (175,9 кв. метар) аракхосахь, шен Mercedes тIехь еанчу, шен долахь (231,7 еакIов метар) коттедж а, (455,9 еакIов метар) латта а долчу хIусамнанас дIавуьгур ву.

Шен болу а, боцу а миска пал тIе а гулбина, иза схьаяре хьоьжуш Iийчхьана доьрзу Саралиевн гIуулакх.

Ишта-м оцу доьзалан шайн долахь кхи а латта а ду (492 еакIов метар), цIенош ду 359,7 еакIов метар декъа тIехь хьаладина.

Шен хIусамненах машен лелор ца тешийна Селимханов Мохьмада. Ша дIасалела иза (санкцийн хIуьттаренна) Mercedes-Benz GL 400 машенца.

Делахь а политикан гIуллакхаш тишделла. 2016-чу шарахь 5, 8 миллион сом даьккхина цо, ткъа стохка 4, 6.

ХIусамнанас а кхи дIоггара гIо а ца лаьцна цунна, 460 эзар сом бен ца деана цо хIусаман бюджете. Гарехь, доллу ахча шен паргIатчу, шуьйрачу цIа чохь (353,5 еаIов метар) оьшург латтош дойу цо. Иштта церан долахь ду лаьттара (1213 еакIов метар) дакъа а.

Селимхановн, шен хьолехь гатвала дезнехь а, кхечу дуьххьара 2016-чу шеран гурахь мандат каракхаьчначу парламентхочун Догаев Ахьмадан къахьега дезна шарахь 4, 5 миллион ахча доккхуш. Волавалар 1, 5 миллионна тIера дара цуьнан.

Депутатийн барамашца, Догаев – къен стаг ву. Яц цуьнан я автомобил а, я хIусам а. Сих ма лолаш, цунна сагIа хьош довда.

Нагахь иза балха тIехь еллачу петар чуьра цIеххьашха аравоккхуш хилахь, ваха меттиг боцуш вуьсур вац.

Стохка цхьана кепекана пайда бина йоцчу цуьнан хIусамнанас 64, 7 а, 86, 6 а еакIов метаршкахь йолчу шен хIусамашкахь меттиг кхачор бу цунна. Гуттар гIад дайна хьовзахь, 40 еакIов метар йолчу шен доьзалхочун-кхиазхочун петарчохь хене вала а мегар ду.

Кремлехь а, Пачхьалкхан Думехь а санкцеша шайна гIело ца йина, кризис хаалуш а яц бохуш, чIагIонаш йо. Къаьсттина зевне мохь бетта Оьрсийчоьнан ницкъаллех Путин Владимиран Нохчийчуьрчу гIашсалташа.

ХьантIаре хилар лахлур дара хьуна церан, нагахь 7-8 эзар соьман тIехь церан баха дезахьара, тахана дукхахболу оцу махкахь хене буьйлу бахархой санна.

Десертна: Къилбаседа Кавказан федералан гонан куьйгалхо лаьттинчу, вице-премьеран Хлопонин Александаран дахначу шарахь 2, 9 миллиард соьмана пайдахилла. Иза а, шен Италехь хилла цIа а, латта а дIадоьхкина хиларна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG