ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

RT телеканалан программаш толлур ю Британин Ofcom-о


Британин Ofcom олучу телекоммуникацийн регуляторо ворхI талламан гIуллакх долийна Оьрсийчоьнан RT (Russia Today, Оьрсийчоь Тахана) компанино беш болу болх хьокъехь. Цу телеканало дуьйцург озабезам бар хьокъехь хьакъ ма-дду цахилар хааделла медиарегуляторна. Цунах лаьцна хаам бина Би-Би-Си-но.

Иза хьакхалуш ду керланех а, Оьрсийчуьрчу цу телеканало хIора денна гойтучу программех а. ХIинццалц цу тайпа кхачамбацарш хиллехь а, дукха тIех ца яьллера RT Британера хьал дуьйцуш. Амма Солсберехь шалха агент хиллачу Скрипаль Сергейна а, цуьнан йоIанна а дIаьвшен тIелатар динчул тIаьхьа цу канало алсамдаьккхина цу махкахь долчу низамашца догIуш доцу Ofcom-о таллам бан беза программаш гайтар, аьлла ду Би-Би-Си-но бинчу хаамехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG