ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Чайка: "Даймахка верза дагахь хиллачу Березовскийна мархдаьлла ша лелийнарг"


Березовский Борис
Березовский Борис

Литвиненко Александр вен полоний лохуш шен Березовский Борисан аьтто хир бацара, Британин къайлахчу сервисашца цхьана болх бина цо, цундела Даймахка юхаверза дагахь хиллачу цунна "шена хьовзаме даьлла цаьрца юкъахь хилар" аьлла Федерацин Кхеташонехь Инарла прокуроро Чайка Юрийс.

"Полоний дIавшан доккхахдолу дакъа Березовскийн Лондонерчу офисехь карийнера. Ма дарра аьлча, Березовскийн ницкъ тоьар бацара полоний каро а, доцу тоьшаллаш гулдан а. Къайлахчу сервисийн гIоьнца лелла иза", - аьлла прокуроро. "Березовскийн рол коьрта хиллехь а, сценарий хIоттийнарг иза вац", - дIахьедина Чайкас.

Цо бахарехь, цхьана а кепара шеконаш яц, "Березовский Великобританин къайлахчу сервисаша лелош хиларх, цундела Даймахка верза цунна дагадеача, ша лелийнарг шена дуьхьал даьлла цунна".

Великобританино шайн пачхалкхан вахархо санна тIеэцна ФСБ-н хилла белхахо Литвиненко Александр велла 2006-чу шеран гурахь. Радиоактиван полоний олу дIавш карийнера цуьнан чархаца.

Британин талламчаш тешна бу, Литвиненко вейтарна бехке Пачхьалкхан Думан депутат Луговой Андрей а, бизнесхо Ковтун Дмитрий а ву аьлла.

2006-чу шарахь Лахьан беттан 1-чу дийнахь Литвиненко вен Iалашонца кафе чохь чайник чу полоний - 210 доьттинарг и шиъ ву.

Инарла прокурора бахарца, къайлахчу сервисаша могуьйтур дацара, "шайн зарратан терроризман актах къайленаш евза стаг" Великобританера аравалийта, тIаккха дерриг а йоллу Оьрсийчоьнна гучудер дара.

2003-чу шарахь Великобританехь политикан тховкIело елира Березовский Борисна. Хьарамлонаш лелорна олигарх бехке а веш, цуьнан экстрадици яр тIедожийнера Оьрсийчоьно, Лондоно дуьхьало йира.

Лондонна герггахь шен хIусамехь ирахъоьллина карийра Березовский Борис 2013-чу шарахь Зазадоккхучу-беттан 23-чу дийнахь. Ша шена тIе куьйг даьхьна хилла цо, аьлла дара талламчаша дуьххьара дина дIахьедар, делахь а, Лондонан кхело ма дарра хилларг хаа йиш ца хиларна, иштта йиллина вердикт дIакхайкхийнера.

2003-чу шарахь Великобританехь политикан тховкIело елира Березовский Борисна. Хьарамлонаш лелорна олигарх бехке а веш, цуьнан экстрадици яр тIедожийнера Оьрсийчоьно, Лондоно дуьхьало йира.

Березовский веллачу дийнахь президентан пресс-секретара Песков Дмитрийс хаамбира, иза валале ши бутт хьалха Путине цо кехат даийтина хиларх, шегара "дуккха а гIалаташ девлла", шена "гечдахьара", Оьрсийчу юхаверза пурба а лахьара аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG