ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийохь лаьцна Азербайджанера 22 мигрант


Бакъо йоцуш республикехь вехаш хилла ши стаг аравоккхуш ву Нохчийчуьра.
Бакъо йоцуш республикехь вехаш хилла ши стаг аравоккхуш ву Нохчийчуьра.

Соьлж-ГIалахь а, Итум-Кхаьллахь а рейдаш дIахьош Азербайджанера 22 вахархо лаьцна Нохчийчоьнан ницкъаллин структурийн белхахоша. Царах хIоранна а гIуда тоьхна 2000 сом барамехь, республикехь Iан бакъо йоцуш цигахь хиларна.

Лецначерах кхоъ махкахваьккхина, пхеа шарахь Оьрсийчу вар а дихкина, хаам бо "Кавказский узело". Нохчийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министралло далочу терахьашца, хIара шо даладелчхьана республикера араваьккхина 27 цигахь ваха бакъо ца хилла мигрант, ткъа стохка махкахваьккхинера 100 стаг.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG