ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Иракъехь чуйоьллина ши зуда бехке яц, боху гергарчара


Иракъерчу суьдехь. Архивера сурт.
Иракъерчу суьдехь. Архивера сурт.

Иракъехь чуйоьллина Дагестанера ши суда латкъам бан дагахь ю шайна яллалц аьлла хан тохарна. Цунах лаьцна хаам бина цу шинан наноша, яздо РИА Новости агенталло.

Иракъерчу суьдо шинарин дийнахь, "Исламан пачхьалкх" тобанна юкъахь хилла аьлла, кхел кхайкхийна Оьрсийчоьнан шина махкахочунна Дагестанера схьаяьллачу Исмаилова Алисина а, Магомедханова Эльвирина а. Цунах лаьцна хаам бина Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнан Гергарчу Малхбалехь а, Къилба Африкехь а волчу векало Сабсаби Зияда.

Хьалхо Иракъерчу Al-Sumaria телеканало хаам бинера, цу пачхьалкхан Коьртачу криминалан кхело Iожалла тIекхаччалц (яллалц) аьлла набахте а хьажийна, ен суд а йина кхечу пачхьалкхашкарчу 7 зудчунна аьлла.

Цу дIахьедарца а догIуш, яллалц чуйоьллинарг ю Францера зуда а, Оьрсийчуьра ши зуда а. Ткъа тоьпаш тоха кхел йина Азербайджанера кхаа зудчунна а, ГIиргIизойчуьра яхархочунна а.

Исмаилова Алисин а, Магомедханова Эльвирин а гергарчаьрна и шиъ бехке яц аьлла хета. И шиъ кIелхаьръяккха Иракъе баха дагахь бу цу шинан наной.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG