ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ХIун хир ду-те соьмах?


Iамеркан Цхьанатоьхначу Штаташа оьрсийн олигархашна а, компанешна а тоьхна санкцеш балеевлла могIарерчу бахархошна

Iамерко Оьрсийчоьнна дуьхьал санкцеш яьхча, рунет гIадъяханера цIеххьашха хьоладай къийбала буьйлабелча. Эххар а могIарерчу бахархойх а хьакхабелира и сингаттам.

Цул тIаьхьа, доллар 60 соьме а даьлла, кхи дIа а хьала гIоьртича, евро 80 соьмехь дисича, экономикаца бала боцучара а терго латтайора, кхи дIа хиндолчунна тIехь.

Оцу тIехь гIуллакх доьрзур ду аьлла ца хетара эксперташна.

"Мехаш десташ ду, эцархойн таронаш лахлуш ю, - дийцина "Кавказ.Реалии" порталана Къилба-ХIирийчоьнан пачхьалкхан университетан экономикан профессора Токаев Нохьас. – Нехан тIаьххьарчу шерашкахь кIезиг дара ахча, кIезиг дохка а духкура цара", аьлла.

Токаевна хетарехь, пачхьалкхан экономикана боккха тIеIаткъам бан тарло карабогIучу баттахь белхан алапийн юккъера барам хьалабаккхахь.

"Миллиардашкахь ахча оьшу алапаш хьаладаха, уггар цаторийла йолчу муьрехь рынке доккхур ду и, тахана соьмах хилларг хилча", - боху Токаевс.

Токаевс бахарехь, уггар Оьрсийчоьнна пайден хилларг хIун ду аьлча, Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн президента Шеман хьокъехь дина дIахьедар бахьана долуш мехкадаьттан мах хьалабалар.

Ма дарра аьлча, боху Токаевс, хIара ситуаци тIехIуттур юйла хууш дара, амма "иштачу варианташкахь" хир ю ала дацара.

Делахь а, кхи а чолхе хила а тарлора хьал.

Яккхийчу оьрсийн компанешна тоьхна санкцеш - хила тарлуш хIума дара, уьш хIуммаъ жим-тIама зенаш дина юьсур яц.

"Нагахь санна, керла санкцеш Роснефтах а, я кхечу Оьрсийчоьнан мехкадаьттан компанех хьакхалуш хилахь, хIун дер-те аьлла, лаьтта хаттар кхи а ирлур ду, - аьлла хета Токаевна. Финансийн министралло а, Центрбанко а мах хьалабалар долларш схьа а оьцуш, латтор дац олийла а дац. Амма бакъду, таханалерачу дийнахь цара тешшош дIахьедина, и хир дац аьлла. Къилбаседа Кавказ, кхийолу а Оьрсийчоьнан регионаш санна, даим а инвесторийн ресурсаш оьшуш хуьлу".

ХIоьттинчу хьолах критике ойланаш ю экономикан Iилманийн кандидатан Кулова Маргаритин а.

"Суна хетарехь, цхьа боккъал а прогнозаш ян хьалхе ду хIинца а. Дуккха а хIума дозуш ду Оьрсийчоьнан президентан инаугураци хиллачул тIаьхьа керла хIотточу министрийн кабинетах а. Бакъду, экономикехь реформаш а хир ю, меттах ца хьуйш лаьттачу хьолера экономика а ер ю ала дегайохо кIезиг ю", - аьлла бу цуьнан хьажам.

Керлачу экономикан кризисах кхи даккхий зенаш а ца хуьлуш, муха хьалхавала веза хьоьхуш, хьехарш дан а ца хIуьтту эксперташ. Дукха телхина ду хьал, боху цара.

Амма дуккхаъчу валютан эксперташа бахарехь, ахча ша туьканахь дIалучу валютехь латто деза, оьрсаша ма аллара, шайн ма хуьллу "цхьана тускар чу доллу хIоаш а ца нисдеш".

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG