ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Экстремизмца доьзна адамаш чудохкар доьазза алсамдаьлла Оьрсийчохь


Архивера сурт.
Архивера сурт.

Кху тIаьхьарчу 7 шарахь Оьрсийчохь доьазза алсамдаьлла экстремизмаца доьзначу гIуллакхашкахула чубоьхинчу нехан терахь. Бохкучу бехкашна юкъахь ду ницкъ баре кхайкхар а, цабезам кхоллар а, экстремистийн юкъараллаш кхоллар а, яздо "Коммерсанто".

Бакъонашларъярхоша билгалдаккхарехь, коьртачу декъана жоьпе ийзораш бу регионашкара "там боцу, амма кхераме доцу" къамелаш дина юкъараллан жигархой.

Оьрсийчоьнан Лаккхарчу суьдан терахьашца, цу тайпа бехкаш а дехкина, 2017-чу шарахь чувоьллина 604 стаг. 2011-чу шарахь цу нехан терахь дара 149. Чубоьхинчерах ах сов бу 25 шо кхачанза кегийрхой.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG