ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шайх зулам даьллачу нахе къинтIера бовлар дехна баскийн сепаратисташа


ЭТА (баскийн маттахь Euskadi Ta Askatasuna, Баскийн Мохк а, Маршо а) олучу коьртачу декъана баскийн сепаратистийн вовшахкхетаралло официалан кепара къинтIера довлар дехна шаьш Баскийн Мохк маьрша хилийта гIерташ герзаца къийсам дIахьош кхелхинчу нехан герагарчаьрга.

"Тхо кхеташ ду, дуккха а шерашкахь герзаца къийсам латтош, оха адамашка бала хьегийтина хиларх… Оха даггах къинтIера довлар доьхка", - аьлла ду ЭТА-н цIарах пIераскан дийнахь арадаьллачу дIахьедарехь.

Дийцарехь, гергарчу хенахь баскийн сепаратисташа официалан кепара дIакхайкхор долуш ду и вовшахкхеталло дIасахоьцуш хиларх лаьцна.

ЭТА коьллинера 1959-чу шарахь Баскийн Мохк маьрша баккха, цу хенахь Испанин диктатор хиллачу Франко Францискона дуьхьало ян а Iалашо йолуш. Цу вовшахкхетараллан декъашхоша герзаца тIелетарш дора полисхошна а, Iедалан белхахошна а. Цара иштта лелхийтар дора, маьрша адамаш на бале довлуш долу.

ТIаьхьарчу хенахь ЭТА-н декъашхоша дитира герзах пайда эцар. Ткъа 2017-чу шарахь баскаша Iедалшка дIаелира шайгахь йисина герзан арсенал.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG