ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кестта колонера араволуш ву криминалан инарла "Ахмед Шалинский"


Оьрсийчуьрчу криминалан гонашкахь дош лела стаг Домбаев Ахьмад (Ахмед Шалинский).

«Росбалто" бинчу хаамца, кху аьхкенан юьххьехь колонера аравала мегаш ву Оьрсийчуьрчу криминалан гонашкахь дош лела стаг Домбаев Ахьмад (Ахмед Шалинский). Цу агенталло дийцарехь, иза уггаре а гIараваьлла "криминалан инарла" ву, Нохчийчохь вина волу. "Росбалтана" хетарехь, ша маьршаваьллачул тIаьхьа цо кхуулур ю, гангстерийн дуьненехь хьалхара позицеш дIалаца ницкъ болу вуно онда клан.

Чувоьллина 10 шо доккхуш, Домбаевс гайтира, муьлхха а ницкъ болчу низамехь къу олучу стагаца ша ларалуш волу лидер хилар.

Ша аьлча, Липецкан колонехь цо охьатаIийра криминалан авторитет лоруш волу Ониани Тариел (Таро).

"Росбалто", ницкъаллин структурашкарчу хьастана тIе а тевжаш, дийцарехь, Домбаев, 10 шо а тоьхна, чувоьллина ву талораш лелорна, ткъа хан чекхйолуш ю цуьнан 2019-чу шарахь.

Амма, хIинца гучудаларца, кхело цунна тоьхна хан лахйина. Цу кепара Домбаев Ахьмад (Ахмед Шалинский) маьршавала везаш ву кху шеран аьхка.

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG