Карарчу хенахь дуьненаюкъарчу базаршкахь духкучу мехкадаьттан мехаш бух боцуш бестийна ду аьлла, дIахьедар дина Iамеркан президенто Трамп Доналда. Шен твиттерехь Трампа тидам тIебахийтина, мехкадаьттана къоьлла яцахь а, мехаш халабовлуш хиларна.
Мехкадаьттан мехаш тӀеэца йиш йоцуш хьаладбовлуш хиларна Iамеркан президенто бехке йо OPEC (The Organization of the Petroleum Exporting Countries) олу иза духкучу пачхьалкхийн вошахтохаралла.