ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыров: Шемахь вийна "Грозный" телевизионан штатехь воцу корреспондент


Шема.
Шема.

"Димашкара кхаьчна гIайгIане хаам. ПIераскан дийнахь рузба дале хьалха Димашкехь, леррина герз а тоьхна, вийна ЧГТРК "Грозный" телекомпанин штатехь воцу корреспондент Шеман махкахо Балан Ихаб", - яздина Кадыров Рамзана ВКонтакте, хаам бо "Грозный" телекомпанино.

Телевизионо билгалдаккхарехь, Нохчийчоьнан куьйгалхочо кадам а бина гергарчаьрга а, журналистан белхан накъосташка а. Кадыровс дийцарехь, Баланан доьзална гIо дийр ду Нохчийчуьрча Iедало.

Хьалхо Оьрсийчуьрчу хаамийн гIирсаша яздинера, Шемахь герз тоьхна хиларх лаьцна Оьрсийчуьра журналисташ тIехь болчу автобусна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG