ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оханан- беттан 20-чохь Air Arabia авиакомпанино Соьлж-ГIалара кеманан рейс йина Шарджа гIалара, хаам бо grozny-inform.ru хьасто. Кеманна дуьхьал ваханера республикан Iедалан ден когаметта Хакимов Хьасан. Цо дийцарехь, кхечу регионашца дуьстича, Соьлж-ГIалара Эмираташка билеташ дораха ду.

Цхьаьнатоьхначу Iаьрбийн Эмираташка Нохчийчуьра кема лелар ду аьлла, хаам бинера социалан машанерчу шен аккаунтехь мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. "Iаламат доккха хазахетар ду сан шуьга. Цхьаьнатоьхначу Iарбийн цхьахйолчу эмираташка кхачор ду шу 20-чу дийнахь аьттонаш болчу кеманашца. Цигара дIа гена яц Дубай а, Абу-Даби а, иштта кхин йолу Гергарчу Малхбалера пачхьалкхаш а. Цул совнаха аьтто болуш ду Юккъерчу Азин, Малайзин, Индонезин мехкашка кхача а", - яздира Кадыровс.

Нохчийчоьнан Iедалхой тешна бу, оцу рейсах пайда хирг хиларх инвестицеш республике ярехь а.

XS
SM
MD
LG