ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ким Чен Ын-ан дIахьедар къобалдо дуьнено


Евроберто а, Британино а, Китайно а шоьтан дийнахь къобалдина Пхеньяно ракеташ а, зарратан бомбанаш а зер дитар. Цунах лаьцна хьалхо хаам бинера Къилбаседа Корейн лидеро Ким Чен Ына.

Евробертан арахьарчу гIуллакхийна урхалло аьлла, КНДР-н Iедалша бина сацам "дикачу агIор яьккхина гIулч" ю аьлла. Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штатийн президенто Трамп Доналда шен твиттерехь аьлла "иза шена Къибаседа Корейна дика кхаъ бу" аьлла. Цо хаам бина, ша ладоьгIуш ву, хьалха дIахьедина ма хиллара, Къилбаседа Корейн лидерца шен хир долчу цхьаьнакхетаре аьлла.

Оьрсийчоьно комментари йина яц.

Кима шен къамелехь иштта дIахьедар дира, Пхеньян дагахь ю шен экономика кхиийта а, адамийн дахар то дан а аьтто бийр болу дуьненаюкъара хьал кхолла аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG