ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Евродепутаташа кхайкхам бина Iедалшка, Оьрсийчуьрчу дуьненан чемпионате ма гIо аьлла


Европан парламентан депутаташ бу кхеташо дIахьош.
Европан парламентан депутаташ бу кхеташо дIахьош.

Оьрсийчохь 2018-чу шарахь аьхка хир йолу футболан дуьненан чемпионате гIур бац шайн векалш аьлла, дIахьедар дина Исландин а, Британин а Iедалша. Цу тайпа сацам бар доьзна ду Британерчу Солсбери гIалахь шалха агент хиллачу Скрипаль Сергейна а, цуьнан йоIанна Юлияна а дIаьвшен тIелатар дарца. Шоьтан дийнахь, Оханан-беттан 20-чу дийнахь, 60 евродепутато, Оьрсийчу чемпионате ца дахар доьхуш, схаьдиллина кехат яздина Евробертана юкъайогIучу пачхьалкхийн Iедалшка.

Солсберехь дина тIелатар Европана мехала хетачуьнах Путин ца вашаран "уггаре тIаьхьара дакъа" ду, боху депутаташа.

Цу кехатан авторша емал дина "Шемахь школашна а, дарбанан хIусамашна а, адамаш дехачу кIоташка а бомбанаш еттар а, Украинина тIамца тIелатар дар а, саццаза хIакерийн атакаш яр а, харц хаамаш баржоран компани а, харжамашна юкъагIертар а, Евробарт гIел бан а, цигахь къепе йохо а гIертар а.

Цу кехата тIе куьг таIийна 16 пачхьалкхарчу 60 депутато. Верриг а Европарламентехь ву 751 депутат.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG