ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ереванехь полицино дIасалаьхкина демонстранташ


Ереван, 22. Охан. 2018.

Полицино дIасалаьхкина Ереванехь дуьхьалонан акце арабевлла нах, ткъа церан лидер, депутат Пашинян Никола, дIалаьцна, хаам бо gazeta.ru интернетан сайто, РИА Новости агенталлана тIе а тевжаш.

Марш сацийнера полицино Ереванан Эребуни кIоштахь. Цул тIаьхьа полисхо пайда ийцира, серло а тухуш, вуно чIогIа гIовгIа йоккхуш лелхачу гранатех а, кхин болчу а полицин лерринчу гIирсах.

Хьалхо Пашинянан а, премьер-министран Саргсян Сержан а дийцарш дIадирзира, цхьа а жамI доцуш. Премьеро дIахьедар дира, оппозиционеро лелош дерг "шантаж" ю, аьлла. Цо хьехар дира Пашинянна, низамо бохучунна тIе юхаверза аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG