ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь беллачу полисхойн доьзалш балха нисбеш бу


Шайн белхан декхарш кхочушдечу заманчохь беллачу полисхойн доьзалш белхашка дIанисбина аьлла, хаамбо махкарчу Iедало. Кхаа баттахь ницкъаллийн структурийн белхахой лаьттинчийн 120 бер белхашка хIиттийна, регионерчу Iедалхойн хаамашца.

Маршо Радионо хьалхо хааме даьккхира, кху шеран юьххьехь республикан куьйгалхочо Кадыров Рамзана омра дина хиларх, полисхойн берашна белхан меттигаш ло аьлла.

"Мехкан куьйгалхочун пурба кхочушдеш, кхаа баттахь гергга оха балха нисдина 120 бер. Цхьацца бахьанашца 103 стага дуьхьало йира балха ваха. 39 жимчу атага а, зудабераша а лакхарчу доьшийлашка шаьш даха лууш хилар схьахаийтира. Болх саццаза кхи дIа хьош бу массо а кIошташкахь", - хаамбо мехкан куьйгалхочун администрацин пресс-гIуллакххоша.

Балха баххал хилла беллачу полийсхойн 389 доьзалхо. 2838 бер ду дерриг а байлахь дисинарг. Царлахь 1333 школе лелаш ду, 114 берийн бошмашка лела хан йолуш бу.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG