ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ХIирийчуьра зуда-таксхо йийна нохчочо


Къилбаседа ХIиричуьра таксхочун Уртаева Стеллин дакъа карийна Нохчийчохь. Йийначун доттагIаша бина и хаам "Кавказ.Реалии" портале.

Чермен эвлара схьаяьлла 40 шо долу Уртаева ехаш хилла БуьритIехь, шен доларчу Lada Kalina машен тIехь пассажираш дIаса а лелош. ТIехь цIийнда а воцуш, иштта рицкъ а доккхуш, цо ша хене доккхуш хилла шен кхо бер.

Даим дIасалелочу пассажирийн базехь хилла стаг Нохчийчу дIавига реза хилла иза. Зуда еран бахьанаш цкъачунна билгалдевлла дац, ша и зуда йийна хиларх а, цуьнан дакъа лачкъийна меттиг а гойтуш, даредина зуламхочо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG