ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Улус-Кертахь десантхошна тIелатар дарна кхеле хIоттийна кхин а ши вахархо


Нохчийчуьрчу Шуьйтан кIоштан кхело листа долор ду Таушев Арсланна а, Кошманбетов Расулна а дуьхьал даьккхина бехкзуламан гIуллакх. ТIеман эскархошна тIелатар дарна бехкево и шиъ.

Оьрсийчоьнан Инарла прокуратурано хаамбарехь, Хаттабан куьйгалла дечу тобанехь хилла и бехкевен ший а.

ШуьйтIан кIоштахь Улус-Керт эвлан лаьмнашкахь Хаттаб коьртехь волчу тIемалошца цхьаьна цара кIело а йина, тIелатар дина хилла, Псковера 80 сов эскархой-десантникаш хIаллак а беш.Нохчийчохь 2000-чу шарахь тIамехь беллачу Псковерчу десантхошна ЖIар хIоттийна

Нохчийчохь 2000-чу шарахь тIамехь беллачу Псковерчу десантхошна ЖIар хIоттийра Нохчийчоьнан Iедалхоша дахначу шарахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG