ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Саргсян Сержа охьадилли шегара дарж


Эрмалойчоьнан премьер - министро Саргсян Сержа охьадилли шегара дарж. 11 дийнахь оппозицин агIоно дуьхьалонан акцеш дIаяьхьначул тIаьхьа дарж охьадиллина Саргсяна.

"ХIоьттинчу хьоло масех къастам бан таро лора суна, амма ас цхьа а некъаш лелор дац. Соьца догIуш дац и. Пачхьалкхан куьйгаллера а, премьер - министран даржера а дIаволу со", - аьлла Сарсяна.

Цо иштта тIетоьхна, протестийн лидер Пашинян Никол "бакълоь" аьлла.

Карара бутт юккъе баьлчхьана Саргсяне даржера дIавалар тIодожош, Эрмалойчохь акцеш дIахьора. Пашиняна кхайкхийначу кампанехь меттигерчу бахархоша денна урамашкахула буьйлалуш, митингаш хIиттош, некъаш дIакъуьйлура.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG