ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийн мухIажир Оьрсийчоьне дIавала кхерам бу Полшас


Белгин дозан тIехь теракт кечдарна бехкевеш, лаьцна хилла Нохчийчуьра 34 шо долу мухIажир Байдуев Азамат Полшерчу депортацин набахтехь латтош ву.

2007-чу шарахь политикан тховкIело еллера цунна Полшехь. Цул тIаьхьа Белге дехьаваьллера иза. "Кавказ.Реалии" портале кIентан нанас Байдуева Маккас дийцарехь, ненан дехарца, Полшехь кхерамзалла кхачо йоллуш цахиларна дIаваханера цуьнан кIант.

ХIетахь, нанас бахарехь, Оьрсийчоьнан ницкъаллийн структурийн векалш бу бохурш, нохчийн лоьмарш йолчу машенашкахь мухIажирийн лагерна гонах дIасахехкалора.

Стохка аьхка Белгин полисхоша дIалецира Азамат, цара бахарехь, шайн Францерчу белхан накъосташкара информаци кхаьчна аьлла, Байдуев Азамат Белгин территори тIехь теракташ кечдеш хилла хиларан шеконаш ю аьлла.

И шеконаш бакъ ца хиллашехь, Белгино Полше депорт йира цунна, гергарчу 10 шерачохь Шенгенан зонана юкъайогIучу пачхьалкхашка вахар а доьхкуш.

Варшавехь меттигерчу Iедалша а хеттарш динера Байдуевга. Цул тIаьхьа маьрша витинера цара. Делахь а, кху беттан 9-чу дийнахь цIеххьашха лаца а лаьцна, депортацин набахте чу воьллира. 6 беран да Байдуев Азамат Оьрсийчоьне дIавала кхерам бу.

"Кавказ.Реалии" порталан информацица, Европе дехьавалале Оьрсийчоьнан Iедалша лоьхуш хилла ву иза. Нохчийн гIаттамхойн декъехь лаьттина ву бохуш, лаьцна тIехь ницкъ бина а хилла цунна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG