ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кент Томас: "Маршо Радион журналисташна тIелатар дар магийта йиш йоцург ду"


Маршо Радион медиа-корпорацин президент Кент Томас
Маршо Радион медиа-корпорацин президент Кент Томас

Дахначу кIирандийнахь Маршо Радион кхаа журналистна тIелатар дина, премьер-министрана Саргсян Сержна дуьхьал гIаьттинчу демонстрацех хаамаш Iорабохучу заманчохь. Оршотдийнахь совцийна акцеш, Саргсяна ша дарж мукъадоккху аьлла, дIакхайкхийначул тIаьхьа.

Маршо Радион президенто Кент Томаса оцу хьокъехь вистхуьлуш аьлла: "Шайн болх бечу журналисташна тIелатар дар хила йиш йоцург ду. ТIелатар диначарлахь полисхой хиларо я цара тIелатар тергамза дитаро а сингаттам бохьу. Оха тIедожадо, катоьхна бехкенаш кара а бина, уьш жоьпалле озор".

КIирандийнахь туьтмIаьжиг йоьхначу полисхочо тIелатар а дина, камера йохийнера Маршо Радион эрмалойн Азатутюн сервисан репортеран Булгадарян Наирин. Ереванерчу Республикан майданахь трансляци еш яра иза дуьхьалонан акцех.

Шоьтадийнахь юкъавоьллинера Радион продюсер Егизарян Анатолий. Гай тIе мийра а тоьхна, вожийнера иза, шен телефон тIе 50 полисхочо лаьттачу машенех некъ цIанбеш дIаяздечу хенахь. Охьавоьжначул тIаьхьа а ца вуьтуш, тIе мийра биттинера цунна. Шен журналистан аккредитаци карахь юй гушшехь, дира шена тIелатар аьлла дIахьединера Егизаряна.

Оццу дийнахь чевнаш йира корреспондентна Хакобян Арусна. Инцидент видео тIе яьккхинера. Гонах лаьттачу полисхоша дуьхьало ца йинера тIелеттачунна.

Эрмалойчуьрчу Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн векалто сагатдо "журналисташна а, протестхошна а дуьхьал ницкъбарна". Цара тIедожийна бехкенаш таIзаре хIиттабар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG