Канадерчу Торонто гIалахь некъахошна автофургон тIехаьхкина байинчу нехан терахь 10-нне хьаладаьлла. Кхи а 15 чевнаш йина. Хьалхо Iорабаьхначу хаамашкахь 9 стаг велла аьлла дара.
Машен лелориг лаьцна, иза хилла 25 шо долу Минассиан Алек. Социалан машанашкарчу цуьнан аккаунтехь йолчу информацица, меттигерчу Сенекан колледжехь доьшуш хилла иза. Машен тIетохаран бахьанаш къаьстина дацахь а, схьагарехь, хууш дина ду цо и зулам.
Гиначара дийцарехь, шоферо маса хьахкина ялош хилла машен, тротуар тIехь богIу нах а ца ларбеш. ГIалан полицин хьаькамо Сондерс Марка бахарехь, Минассиан полицехь вевзаш а ца хилла, я цхьана а террорхойн тобанашца воьзна а ца хилла.
Талламаш дIахьош бу кхи дIа а.