ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шема кхи а нохчий бахийта лаам бу Кадыровн


Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дIахьедина, Шема кхи а нохчийн эскархой бахийта кийча ву ша аьлла. "Россия 24" телеканалан эфирехь, Iарбойн пачхьалкхе кхи а нохчийн эскархой бахийта кийча вуй хьо аьлла шега хаьттича, "ву дера" аьлла, жоп делла Кадыровс.

Цо дийцарехь, нохчийн тIеман дакъош хIинца а ду цига чуоьзна.

"Уггар тоьлла эскархой, махкахь шина тIамах чекхбевлларш бу цигахь. Верриг 90 процент ву уьш", - аьлла, билгалдаьккхина политико.

XS
SM
MD
LG