ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шемахь химин герз лелийна цахиларх харц тоьшаллаш гайтина Оьрсийчоьнан телехьожийлаша


Ши шо хьалха шемахоша яьккхинчу киночуьра дакъойх пайдаэцна федералан телеканалаша, Шемахь химин тIелатар дарх Малхбузено иштта хIоттийна сурт дара аьлла, тоьшаллаш далош. "Дождь" телеканало бина цунах тидам.

КIирандийнахь Оьрсийчоьнан "Россия - 1" а, Хьалхара а каналаш гIоьртира шайн телехьовсархой тешо, Дума гIалахь цхьа а химин герз лелийна а дац, "КIайн касканаш" цIе йолчу, пачхьалкхаца йоьзна йоцчу организацино, хIоттийна сурт дара и бохучух.

Шайн дIахьедарх тоьшаллаш далош тележурналисташа гайтина 2016-чу шарахь режиссера Хьусари Хьумама яьккхинчу исбаьхьаллин филма юккъера дакъош. Оцу кино чохь дуьйцу, Шемахь масех шераш хьалха динчу химин тIелатарх.

Киселев Дмитрийс кечйинчу "КIиран хаамаш" программехь гайтинчу репортажехь, "хIоттийначу суьртан" цхьана ву бохучу декъахочо дуьйцу кино яккхарх: - "Оцу кIоштара бераш дIасакхийсина дара: цхьберш машенчохь, вуьйш машенна уллохь. Уьш берриш а белча санна сурт дара хIоттийна. Церан яххьаш можа яра".

ТIетуху, карарчу беттан 7-чу дийнахь Дума гIалахь химин атака ярна Малхбузено бехкево Шеман президент Асад Башар а, цуьнан агIо лаьцна Оьрсийчоь а, ГIажарийчоь а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG