ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыров: "Нохчийчохь хилла сурт ду тахана Шемахь лаьттарг"


90-чу шерашкахь Нохчийчохь хиллачу хьолах тера ю аьлла Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана, тахана Шемахь йолу ситуаци. "Россия 24" телеканалана еллачу интервьюхь дина цо и къамел аьлла, яздо "Керланаш" агенталло.

"Шема а, шемахой а цхьана хIуманна бехке бац. Тхан республикехь муха дара хIетахь? Нохчийн цкъа а ца хилла экстремисташ, террористаш. Оьрсийчоьнна дуьхьал тIом бан беза аьлла, дола а дина, иштта дIадахара, тхан къам хIаллак а деш. Изза ду тахана Шемахь а", - аьлла, билгалдаьккхина Кадыровс.

Кадыровна хетарехь, Оьрсийчоьнна тIеIаткъам бархьама оьшуш ду Шемахь ишта хьал. Шен позицеш Оьрсийчоьно кхи дIа а Iалашйийриг хиларх тешна ву мехкан куьйгалхо.

"Оха собарца дIагойту дуьненан юкъараллана: нагахь кхана цхьаъ эккхахь,оха бехира шуьга, оха гайтира, оха тоьшаллаш дийхира шуьгара. Суна хетарехь, ишта гIуллакх дIадахлахь, Оьрсийчоь меттахъериг хир ю-кх цхьаъ дан цхьа дан", - аьлла Кадыровс.

Хьалхо Кадыровс дIахьедира, Путина гIо аьллачу нохчий гIаш баха а кийча бу аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG