ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шайн берех ненан мотт ма хербе боху гIезалоша


ГIезалойчоь - Дай-нанойн конференцехь, Казан, 21Оха2018
ГIезалойчоь - Дай-нанойн конференцехь, Казан, 21Оха2018

Шайн-шайн Меттан Де даздо кху муьрехь Оьрсийчуьрчу массех республико, кхана ду Нохчийн Меттан Де

Мещеряков Вадим (Idel.Реалии)

Къаьмнийн меттанаш хьехар берийн лааме диллина дита йиш яц - Пачхьалкхан Дума харц ю, аьлла хета Казанерчу гуламхошна

Къамнийн меттанаш Iамор берашна тIерадаккхахь, луучунна Iамо, цалуучунна дIатаса мегачу даккхахь, ишта а ледара долу гIезалойн маттера хьал кхин а дакъаза дер ду, аьлла сацам бина шоьтадийнахь Казанехь хиллачу дай-нанойн конференцино.

Оьрсийн мотт боцург, кхин цхьа а мотт Iамо декхаре дац бераш школехь, аьлла йолу проект Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Дума низаме яккха гIертар йоккха харцо ю, цо хьошу ша цхьа хан хьалха тIечIагIйина "Регионийн къаьмнех йолу Европан харти", бохура гулбеллачу гIезалоша.

МогIархой хилла ца Iа оцу ойланна тIехь. Хьалхо президентан Минниханов Рустаман пресс-гIовсо Галимова Лилияс дIахьедира, Думехь дийца долийна низам девне ду, аьлла. Ткъа Казанерчу конференце гулбеллачара тIедожийра пачхьалкхан парламентна проектан инициатива юхаяккхар.

Резолюцино Оьрсийчоьнан дешаран министралле а хьажийна кост – цуьнга цо доьху ша карарчу хенахь кечъеш йолу дешаран юкъара стандарт, "Оьрсийчоь къаьмнийн башхаллех лаьтташ хилар" диц а ца деш, хIоттор.

Конференцин декъашхоша шайн мехкан парламент декхарейина хьалхо ша тIеэцна гIезалойн мотт Iамор тIера доккху сацам юхабаккха, ГIезалойчоьнан массо а берийн бошмашкахь, школашкахь къоман мотт хьеха тIедожош низам арадаккха, "Къоман Университет" схьаелла, берашка пачхьалкхан юкъара экзамен гIезалойн маттахь дIаялийтар федералан центре деха.

Халкъе конференцино "доьху къоман бакъонаш къийсарца жигара хьийза".

Верриг а конференцехь дакъалаьцнарг ву 20 гергга стаг.

Школашкахь гIезалойн мотт лелорах долу хаттар махко дийцаре даьккхина Путина дукха хан йоццуш аьлларг юхьаръоьцуш. Мегар дац берашка лаамза шайн боцу мотт Iамабайта, царна цхьа оьрсийн мотт тIебожош хилча а тоаме ду, элира цо.

Путинна иштта ала бух белларг дара ГIезалойчуьрчу оьрсаша шайн берашна пачхьалкхан мотт Iаморна новкъарло йо махкахь къоман мотт цаьрга лаахь а, ца лаахь а Iамабойту, аьлла дина арз.

Амма гIезалойн жигархоша чIагIдо, махкахь оьрсийн а, гIезалойн а меттанаш пачхьалкхан меттанаш ларалуш белахь, ший а мотт Iамабайта беза берашка, бохуш. Уьш хьехар а хила деза цхьатеррачу барамашкахь, тешна бу уьш.

2017-чу шеран Лахьан-беттан 29-чу дийнахь ГIезалойчоьнан Пачхьалкхан Кхеташоно сацамбира гIезалойн мотт лаамза Iамор берашна тIехь дац, аьлла. Къоман мотт шайн берашна хьоьхийла лаахь, школан куьйгалле оцу хьокъехь кехатца дехардан деза хIинца хIора а ден я ненан.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG