ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Telegram Оьрсийчохь дIакъовлар емалдина 13 пачхьалкхашкарчу бакъонашларъярхоша


13 пачхьалкхашкарчу бакъонашларъярхоша Telegram дIакъовлар а, Оьрсийчуьрчу интернетна тIелатар дар а емалдеш, диллина кехат яздина Google-н, Amazon-ан, Microsoft-ан и Apple-н цIарах.

Telegram-ан интересаш Iалашъечу, дуьненаюкъарчу "Агора" организацин хьалханчас Чичиков Павела шен Telegram-каналехь зорбане даьккхина и кехат. Мессенджерна блок хIоттор, Интернетехь шена хетарг ала а, яздан а йолу маршонаш хьоьшуш, Оьрсийчоьнан Iедалан тIелатар ду аьлла кехатан авторша. Iамеркан яккхийчу компанийн миллионашкахь IP-адресаш дIа а къовлуш, Iедалша мессенджерца болийнарг "кибертIом" бу. И бахьанехь Оьрсийчохь зенаш хилла бIеннашкахь онлайн-сервисашна, яздо кехат тIехь. Ша Telegram болх беш ю.

Оцу кехатна буха куьйгашяздина Оьрсийчуьрчу а, Великобританерчу а, Израилерчу а, Iамеркарчу а, Урдунерчу а, Канадерчу а, Мисарарчу а, ХIиндойчуьрчу а, Колумберчу а, Аргентинерчу а, Венгрерчу а, Кенерчу а, Югославерчу а бакъонашларъярхоша.

Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисашна вовшашка дIасакхоьхьуьйту хаамаш босту догIанаш дIа ца даларан бахьанашца, кху беттан 16-чохь дуьйнна Telegram-на тIебоьлхучу некъашна доза тоха гIерта Роскомнадзор.

Мессенджер дIакъовларна дуьхьал йоллу Оьрсийчохь акци дIаяьхьира кIирандийнахь. Шайн корашкахула кехатах дина кеманаш арахийцира Оьрсийчохь Telegram-ех пайда мел оьцучара.

Мессенджер кхоьллинчу Дуров Павела тIедогIучу кIирандийнахь юха а и акци дIахьо аьлла, кхайкхам бина.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG