ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Эрмалойчоьнан къам декъалдина Гуьржийчоьнан хиллачу президенто Саакашвили Михаила, "шун хиндерг сийлахь го" шена аьлла, тIе а тухуш.

Цу кепарчу хийцамашна кечло аьлла, къадийна Саакашвилис гуьржийн Iедалшна. Украинера араваьккхичхьана Нидерландашкахь вехачу Саакашвили Михаила эрмалойшка дIахьедина, "шаьш эрмалой хиларх дозалла дан йиш ю шун" аьлла.

Цо бахарехь, доллу дуьненна тоьшалла ди цара, шаьш доьналла долуш нах хиларан, шаьш тоьллачу хьелашкахь даха хьакъ хиларан – коррупцех доьзна доцчу.

"Эрмалойчоьнан хиндерг сийлахь хир ду. Тахана тийши со цунах. Со шуна тIехIутту, тхо даим хир ду шуна уллохь", - аьлла Саакашвилис Фейсбуке баьккхинчу шен видеокхайкхам тIехь. Иштта хьехна экс-президенто Гуьржийчуьрчу миллиардерна Иванишвили Бидзинна "жIанкийн мутт а моьлуш", ша Гуьржийчу юхаван ларвеш хила аьлла.

"Кеста хиндерг ду и", - аьлла 2014-чу шарахь шен даймахкахь кхо шо хан кхайкхийначу, президент лаьттинчу Саакашвили Михаила.

XS
SM
MD
LG