ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Когаш тIе хIуттуш ду халкъ". Эрмалойчохь тоьлла "бархатан карчам"


please wait

No media source currently available

0:00 0:03:42 0:00
Линкана тIе

Эрмалойчоьнан премьер-министран даржах ваьлла Саргсян Серж, иза шен каракхаьчна 7 де а далале. ГIант цо дитина халкъо Ереванехь а, кхечу гIаланашкахь а протестан гулам гIаттийначу 11-чу дийнахь.

Оршотдийнан сарахь рогIера гулам болабелира Ереванехь. Протестан лидеро Пашинян Николас декъалдира къам Саргсяна дарж охьадилларца.

Дийцира цо иза муха нисделира. Дарж премьерехь кхушеран гурралц дитар дийхира шега, ша реза ца хилча, кху беттан 25-гIачохь Саргсян даржах волуш сацамбора, ткъа ша делларг нийсса ши сахьт бен а дацара, элира Пашиняна.

"Вайн бакъо ю "бархат карчам" базбан, амма дагадаийта лаьа вайна хьалха кхин а массех хаттар дуйла," – бохура лидеро.

Шинарийдийнахь Ереванерчу "Мариотт" хьешацIийнахь дийцарш дIадахьа деза Саргсянера дарж конституцин бакхонехь ханна караэцначу Карапетян Каренца. "Бархат революци" цIий доцуш дIаяхара, цIий доцуш ерза а еза, Саргсян а, цуьнан республикан парти а кхета еза, кхидIа махках жоп далар шайгахь доцийла", - дIахьедира протестан хьалханчас.

Шаьш гIовттар шайна Iедало акха а тарло, аьлла хетачу нахе вистхуьлуш, "Эрмалойчоьно бекхамийн историн агIо дIакъовлуш ю тахана", элира Пашинян Николас, махкарчу бизнесхошка шайн ахчанаш дозанал ара ца дахар а доьхуш.

Цо бахарехь, Саргсян вохийначул тIаьхьа яха еза гIулчаш ю кIиранна чохь Къоман Гуламе халкъан премьер-министр къаставайтар, ханна министраш хIиттор. "Хьекъале хир ду" цул тIаьхьа хан ларъеш а ца Iаш, парламент хаьржича.

Президентна кхачош йолу ши зама яьккхира даржехь Саргсяна. 20I5-чу шарахь къоман лаамца мохк парламентан кепе боьрзуш, цо бехира ша кхин лидеран мехкан ден дарже гIертар вац. Амма ца лардира шен дош.

Халкъе тIаьххьара дош яздина, иза довзийтина Саргсян Сержа ша гIентара гIоттучу миноташкахь.

Иштта ду иза:

"Хьоме махкахой,

Массо а Эрмалойн Республикан бахархошка, баккхийчаьрга, кегийчаьрга, зударшка, божаршка боху ас.

Дийнахь а, буса а урамашкахь, "дIатаса Серж" бохуш, кхайкхамаш бечаьрга, шайн декхарш кхочушдан балха кхача кху хьелашкахь атта а доцчаьрга боху ас.

Боху ас дийнахь-буса эфир ларъеш а, юкъара къепе Iалашъеш а Iачаьрча.

Боху ас доза лардечу майрачу бIаьхошка, эпсаршка, махка хала денош даьхкича сайца уьйр тесначаьрга.

Боху ас сайн партерчу накъосташка, массо политикан ницкъашка, жигархошка.

ТIаьххьара боху ас мехкан куьйгалхочун цIарх.

Пашинян Никол бакъ хилла. Со галваьлла лелла. ХIоьттинчу хьолехь массех некъ харжийла ду, амма ас ца хоржу царех цхьа а. Иза сан амалехь дац. Ас дуьту мехкан куьйгалхочун гIант, Эрмалойчоьнан премьер-министран дарж.

Урамашкарчу боламехь со премьер хуьлийла цалуурш бу. Ас кхочушдо аш бохург.

Машар, барт, кхетам лаьттийла вайн махканна.

Баркалла боху ас".

Ереванехь доккхаде халкъ. Урамашкахь дискотекаш ю, муьйлу дайн маларш, луьцанаш боху толам базбеш.

… Оршотдийнахь Азербайджанан ТIеман министралло харцбира Эрмалойн агIоно баржийна хаам, яц шайн пачхьалкх Кхарабахерчу конфликтан дозане тIеман техника узуш, аьлла.

Агенталлаша и хаам баржийнера Саргсян даржера а валале – Пашиняна шеца къамелдеш цо чIагIдора, ша премьеран дарж дуьтур дац Кхарабахера дов дерззалц, бохуш. Амма тIех сов яхъелла еха конфликт ерзор дити Саргсяна, гарехь, шех шеллуш лаьттачу гIента хуучу, кхечу, рогIерчу къоман хьалханчанна.

Мила тоьлур ву аьлла хета шуна Мейвезер Флойд Нурмагомедов Хьабибах латахь?

ХIара Iилманца нисбина кхаж бац. Жоьпаш деллачарна хетарг бен ца гойту кхо.

XS
SM
MD
LG