ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчуьра латтанаш минех цIандеш ду


ХIара бутт карабеачхьана Нохчийчуьра а, ГIалгIайчуьра а 260 сов гектар латта теллина Къилбаседа тIеман округан сапераша, яздо "Интерфакс" агенталло

"Нохчийчуьрчу ворхI кIоштахь а, ишта ГIалгIайчуьрчу Джейрахан кIоштахь а латтанаш цIандеш ду минех. ХIинцале а карийначу, лелха кхераме йолчу хIуманашлахь ю 260 фугасан минаш а, иштта артиллерийн тIеман гIирсаш а", - аьлла, дийцина Къилбаседа тIеман округан векало.

Ерриг а кху цхьана баттахь лаьттара баьккхина 648 оьккхуьйту гIирс.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG