ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Набахтешкахь адамийн бакъонаш ларъеш цахиларх рапорт арахецна Оьрсийчоьнан бакъонашларъярхоша


Набахтешкахь адамийн бакъонаш ларъярца долчу хьолах рапорт кечдина "Къизаллашна дуьхьалояран комитето" ООН-ан комитетана лерина. Къизаллашна дуьхьал Конвенци муха ларъйо а, кхечу дуьхьалдохучу шогачу таIзарх а дийцаредеш, ООН-ан Оьрсийчоьне долчу хеттарийн бух санна лорур ду и документ

Оцу кехат тIехь, (цуьнан копи ю "Кавказ.Реалии" порталехь), бакъонашларъярхоша билгалдоккху, къизаллашца ситуаци мел а гIоле хила там бара, нагахь, Советан заманахь 1987-чу шарахь тIеэцна конвенцин тIебилламаш Оьрсийчоьнан Iедалша кхочушбеш хилча.

Лерина тергам тIебохуьйту кехатан авторша, къизаллаш лайначу нахана психиатрин а, психологин а гIо кхачон оьшуш хиларна.

"Цу кепара гIо ца кхачийна "Къизаллашна дуьхьало латторан комитето" листинчех цхьана бехкзуламан гIуллакхца а догIуш", - билгалдаьккхина бакъонашларъярхоша.

Иштта дуьйцу рапортехь, Къилбаседа Кавказехь 2012-чу шарера 2015-чу шаре кхаччалц идийначу нахах а. Тахана а листаза ду церан хьокъехь гIуллакхаш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG