ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дешан маршонан рейтингехь 148-гIа могIа дIалаьцна Оьрсийчоьно


Дешан маршонех хIора шарахь зорбане йоккху рейтинг йовзийтина дуьненаюкъарчу бакъонашларъяран "Доза доцу репортераш" организацино.

КхоалгIа шо ду Оьрсийчоь оцу рейтингехь 148 могIа дIалаьцна Iаш йолу. Иза а, организацино билгалдаккхарца, доллу дуьненахь а прессан маршо охьаяларца.

Талламан авторша бахарехь, Советан Iедал доьхначу хенахь а ца хилла, тахана, кху карарчу заманчохь оцу пачхьалкхехь дIалоьцу журналисташ а, блогерш а санна лецарш.

Коьрта хаамийн гIирсаш "олигархаша" а, Кремлна муьтIахь болчара а латтош ду. Ткъа тIеIаткъам бо дозуш доцчу зорбанашна а, талламчашна-журналисташна а, билгалдаькхина рапортехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG