ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Соьлжа-гIалин урамехь герз кхийсина кегийнах лецна


Травматикан герз кхийсинчу Соьлжа-ГIаларчу вахархочунна дуьхьал административан гIуллакх даьккхина аьлла, хаамбина чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан векало. Ткъа газан тапча кхийсарна лаьцначу 16 шо долчу кIантаца кхетош-кхиоран болх бина аьлла, дийцина "Грозный" пачхьалкхан телехьожийлан эфирехь.

Соьлжа-гIалара Абдурзаев Мохьмад а, 16 шо долу кхиазхо а лаьцнера оршотдийнахь, гIалин арахь герз детташ социалан машанашкахь видеороликаш яржорна.

Травматикан ши тапча яьккхина Абдурзаевгара, кхиазхочуьнгара газан страйкболан тапча, хаамбина "Кавказан узел" агенталле чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан векало.

"Хьалхарчу ролик тIехь жимчу стага ша вехачу петаран корах ара кхуьйсуш ду герз. ШолгIачунна тIехь гуш ду 16 шо долчу кIанта автоматикан рожехь детта герз", - дийцина цо.

Шинарийдийнахь меттигерчу телевизионехь гайтинчу сюжетехь, Абдурзаевс дуьйцу, киночохь цха зуламе рол ловзориг вийча самукъадаьллачохь йиттира ша корах ара тапча аьлла.

"Воккхавер совдаьллачохь кхийсира ас герз, цамагар коьртера а даьлла", - элира кIанта.

ШолгIа лаьцначо дуьйцу, шен герз зуьйш вара шу, муха долу хьажархьама. "Сан доттагIий бара телефонна тIе дIаяздеш. Гонах адамаш дацара. Iай хилла хIума ду и. ХIинца суна хаьа, герз кхийса мегар доцийла", - аьлла кхиазхочо.

"Грозный" телеканало билгалдаккхарца, Абдурзаевна административан гIуллакх дуьхьал даьккхина, ткъа 16 шо долчу кIантаца профилактикан къамел дина полицин белхахоша.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG