ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

БердакIелара жимстаг вийна кадыровцаша


Оршотдийнахь, 23-чохь БердкIелара жимстаг Исраилов Турпал дIалаьцнера. Кхаарийн Iуьйранна, цхьахйолчу ницкъаллийн структурийн декъера ду шаьш аьллачу наха, кIентан дакъа юьрта а деана, гергарчу нахе дIаделла.

Исраилов Турплан дегIа тIехь Iазап латтийна лараш ю. Схьахетарехь, цундела Iедалхоша дихкина кIентан цIерачарна тезет хIотто.

Оцу юкъанна полисхоша БердкIелара кхи вахархо Арсамиков Шемал дIавигина. КIенатн да-нана холчахь ду, амма баьхьаш бац цхьанхьара а орца деха.

"Кавказ.Реалии" портале бинчу аудихаамтIехь юьртахоша билгалдоккху, байначу беттан чакхенера дуьйнна схьа ду шайн юьртара кегийрхой лецар аьлла. ХIетахь дуьйнна юьртара бераш довш, тIехь ницкъ бой, цIа бохкуьйтуш хьал дара.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG