ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шайна дуьхьал айдина гIуллакх дIакъовлар доьху Нохчийчуьрчу бахархоша


Москохарчу орцан министраллан белхахошна тIелатар дина аьлла, бехкебинчу Нохчийчуьрчу бахархоша Ражапов Хьамида а, Цетиев Хьусейна а, Цетиев Сайд-Мохьмада а дийцина, бехкзуламан гIуллакх дIа ца къовларан бахьанца, мегачу балха хIитта аьтто боцуш дисина шьаш аьлла.

ДоьалгIа шо а ду и гIуллакх дIадахделла. Талламчашна тIе оцу хеначохь кегийрхой баьхкира, орцанхошна тIелатар шаьш дина хиларх даредеш, амма хIетте а Ражапов а, ЦетиевгIар а шеконашкахь латтош бу тахханалц.

Маршо Радионо шен агIонашкахь дийцира, Ражапов а, вежарий ЦетиевгIар а 2014-чу шарахь дуьйнна бехк хьарчийна, латтош хиларх. Талламо чIагIдора, Москохарчу Внуково кIоштахь цара орцанхошна йиттина хилар а, иштта бехкебира 8 стаг вен Iалашонца кIело ярна а.

Адвокаташа кхаане а алиби хилар чIагIдора, и инцидент хиллачу меттигехь видеокамераша дIа а яздина.

Стохка аьхка кхело гIуллакх прокуроре юха а луш, маьрша баьхнера кегийрхой. Адвокаташ тIаьхьабевлла лела, оцу кхаанне а дуьхьал диллина гIуллакх дIакъовлийта.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG