ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчуьрчу бахархоша лачкъийна ток ягор гучудаьлла


"Чеченэнерго" компанино дIаяьхьначу рейдашкахь гучудаьлла, меттигерчу бахархоша ток лечкъош, ягош хиллийла. Болчу хаамашца, 172 меттиг Iораяьлла царна. Энергокомпанина 3 миллионна а 670 эзар соьмана а зен дина аьлла ду "Чеченэнергон" жамIаш.

Кхерамзаллан декъан говзанчаша бахарехь, бахархошка ток ца лачкъаяйта уггар Iаткъаме кеп ю, профилактикан рейдаш кест-кетса дIаяхьар, бахархоша йойучу тоькан барам хаархьама хIиттийначу гIирсашна тIехь терго латтор а. Энергетикашца цхьана нехан хIусамашкахула рейдаш йо полисхоша а, меттигерчу администрацин белхахоша а, динан дайша а.

Низамца доцуш ток ягийна факташ гучуевлча, гIуданаш детта цара, токах боху ханна. Иштта "Чеченэнергон" белхахоша дIахьедо, лачкъийна ток ягийначарна тухучу гIудан барам 10 эзар соьманна тIера 80 эзаре кхаччалц хирг хиларх.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG