ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ОЗХО-н эксперташ шолгIа Думе кхаьчна


ОЗХО-н куьйгалхо Узумчю Ахьмад
ОЗХО-н куьйгалхо Узумчю Ахьмад

Кху беттан 7-чу дийнахь химин тIелатар дина бохучу Шеман Дума гIала шолгIа кхача аьтто хилла химин герз доьхкучу Организацин (ОЗХО) экспертийн. Асад Башаран эскарша дIаьвше герз диттина бохуш, Шемарчу гIаттамхоша чIагIдечу цхьана меттехь хилла эксперташ. Цигахь хьажа оьшу гIирсаш эцна цара ОЗХО-н сертификаци йолчу масех лабараторешка анализ яйта дIакхачо. Дуьххьара Думе кхечира эксперташ дахначу шоьтадийнахь. ХIетахь а ийцира цара анализаш яйта гIирс, хеттарш дира тешашка.

Эксперташ кхи а хьалхе Думе ца кхачийтархьама, царна дуьхьалонаш латторна Iамерко а, Францино а Оьрсийчоь бехкейира. Организацино официалехь комментари ца йина оцу бехкашдахкарех.

Малхбузен пачхьалкхаша Асадан режим бехкейо Думехь дIаьвшен атака ярна, ткъа Демаьшкас а, Оьрсийчоьно а химин герз лелийна а дац, Малхбузено иштта хIоттийна сурт ду иза аьлла .

Химин герз дихкинчу организаци юкъара Оьрсийчоьнан векалш еаридийнахь Нидерландашкахь брифинг дIаяхьа лерина бу масех шемахочуьнга дакъа а лоцуьйтуш. Цара бахарехь, хиимин атака йина бохучу дийнахь Думехь хилла бу уьш. Иштта Шеман бахархоша чIагIдийр ду, цу дийнахь дIаьвше герз хецна цахилар.

ОЗХО-н дIахьедарехь дуьйцу, Шемахь таламаш бина бовллалц Оьрсийчоьне брифинг дIаяхьар ханна дIататта аьлла, дехар дина хиларх, амма оьрсийн векалш реза ца хилла бохуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG