ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Керла премьер-министр хоржур ву эрмалоша карабогIучу баттахь


Эрмалойчоьнан премьер-министран дарж дитина Саргсян Серж (аьтту агIор) а, протестийн лидер Пашинян Никола а.
Эрмалойчоьнан премьер-министран дарж дитина Саргсян Серж (аьтту агIор) а, протестийн лидер Пашинян Никола а.

Эрмалойчоьнан Халкъан кхеташонан куьйгалхочо Баблоян Арас еарийдийнахь хаамбина, керла премьер-министр харжа парламент карабогIучу беттан хьалхарчу дийнахь вовшахкхетар хирг хиларх. Парламентан сайт тIехь ю цунах информаци.

Саргсян Сержа мукъадаьккхина дарж къовса лаам бу протестийн хьалханчан Пашинян Николан. Кхи кандидатураш официалехь цкъачунна билгалъевлла яц.

Акцийн лидеро Пашинян Николас еаридийнахь шен агIончашка Ереванехь урамаш дIакъийлар сацаде аьлла. Транспорт дIасалелаларан къепе меттахIотто еза аьлла цо.

Боллу бахархой ара а бевлла Iедал хийца гIерташ ши кIира а ду Эрмалойчохь демонстрацеш дIахьо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG