ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Петарбухарчу Соборан маьждига буьххьехь селфи йина руферо-дантисто


Петарбухарчу руфер-стоматолога Мегрелишвили Ирэнас социалан машане даьккхина, Соборан маьждига буьххье яьлла, цуьнан бох мара а боьллина, шен даьккхина сурт. Майра йоза дитина йоIа шен цу сурта бухахь: "Бусулбачийн дог-ойла аьшнаш ер вай. Делах тешарш, сорян", - аьлла.

Интернетехь даржийна Мегрелишвилин сурт. "Петарбухара диллина тхевнаш" цIе йолчу группехь хаттам бина: руферан суьрто Делах тешачийн дог-ойла сийсазяьккхина аьлла хетий шуна, аьлла. 200 сов стага дакъалаьцна оцу кхожехь. Царех 70 процентна ца хета, оцу суьрто цхьаннан а дог-ойла аьшнаш йо аьлла.

Хууш дац, муха ю реакци Соборан маьждигчохь болчийн, иштта комменарий яц оцу хьокъехь ницкъаллийн структурашкара а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG