ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Соьлжа-гIалахь урс тоьхна шена аьлла Нальчикехь цхьана стага


Уьрсан чов йинчу 40-45 шо хир долчу стагана гIо кхачийна Нальчикерчу автовокзалехь, яздо "Кавказ.Реалии" портало. Оцу стага бахарехь, еххачу хенахь Нохчийчохь кеп-кепара Iаьржа белхаш беш вара иза. Белхан накъосто юкъ-кара етташ хилла цунна.

"Маланза иза волчу хенахь юкъаметтиг вуон яцара тхан, амма меллачул тIаьхьа еттара цо суна. Де хьалха урс туьйхира цо суна, цул тIаьхьа ведира со", - аьлла, дийцина цо вокзалехь гулбеллачарна.

Чевнаш йинчуьнгахь телефон а, ша вехачу Краснодаран кIоштарчу Тихорецк гIала дIакхаччалц тоам болуш ахча а хилла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG