Теркйист кIоштан бахархошна гIуданаш диттина "ВКонтакте" социалан машанехь дихкина бардан Муцураев Тимуран иллеш даржорна, хаамбина прокуратурехь. Интернетехь мониторинг ечу хенахь карийна Муцураевн ладогIа ца магийна иллеш Теркйистерчу кIоштан бахархойн социалан машанерчу агIонаш тIехь.
Прокуратуран векало "Кавказан узел" агенталле дийцарехь, кхаа теркхочунна дуьхьал гIуллакх айдина, экстремистийн материалаш яржорна жоьпалла доьху.
"Теркйистерчу кIоштан кхело бехкевинчу Лорсанов Исламна а, Магомадов Аптина а, Джабаев Сулимана административан гIуда тоьхна – 1500 эзар сом", - аьлла прокуратурехь.
Нохчийчохь, къаьсттина тIемаш болчу шерашкахь гIараваьллера бард Муцураев Тимур. Оьрсийн маттахь дIаолура цо шен тIамах лаьцна, тIаьхьо жихIаде кхойкху иллеш.
Муцураевн цхьадолу иллеш экстремистийн лерина, уьш даржор, цаьрга ладогIар дихкина ду.
"Кавказан узел" агенталлан хьесапашца, 2016-чу шарера схьа дуьйнна 11 стаг кхеле озийна, Муцураевн кхолларалла бахьана долуш.