ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ведана кIоштахь ян йолийна 60 стаг дIатарван таро а луш, шайн дегIан амал ца балучарна лерина реабилитацин центр. Соьлжа-гIалахь болх бечу центрашка 120 стаг бен ца тарло, ткъа цу чу охьавижа сатесна рогIехь ву 200 цомгуш стаг, дуьйцу могушаллин министраллан белхахочо.

"Ведана кIоштарчу МахкатIехь йолийна 60 стагана лерина реабилитацин центр. Инфаркташ, инсульташ лайначу нехан могушалла меттахIотторехь Iаламат дика меттиг хир ю и, уллехь хьаннаш, цIена хIаваъ лаьтташ. И центр схьаелларо дуккхаъчу нехан проблемаш дIаяйийр яра", - аьлла цо.

ДегIан дола ца далучу нахана лерина йоллу республикехь а яц шиъ бен центр. 120 дархочунна лерина ший а центр Соьлжа-гIалахь ю.

Могушаллин министарллан хьесапашца, верриг а махкахь дегIан амал ца балуш 5 эзар стаг сов ву.

XS
SM
MD
LG